Ц1ена яздар ми нот

открытый урок на тему Дешт1аьхьенаш

Загружайте презентации, разработки уроков и другие методические матеры. Сразу после добавления разработки вы можете скачать свидетельство о публикации в СМИ.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Заголовок на свидетельстве будет выглядеть более красиво, если вы укажите тип разработки (Урок, Текст, Конспект и т.д.) и тему в кавычках (например, Конспект урока «Теорема Пифагора»)

Перед публикацией м

Открытый урок чеченского языка «ДЕШТ1АЬХЬЕНАШ»

Урокан 1алашо: дешт1ьахьенаш йовзийтар, уьшязйаранбакъонахкхетор,дешт1аьхьенаш юкъахьйолушпредложенеш х1итто 1амор.

Урокан х1оттам

I. Урокан низам д1ах1оттор.
— Де дика хуьлдашун, бераш!
— (Диканцаехийла).
— Вайннохчийнметтанязъяран урок ю. Х1ара урок ас шуьца д1ахьур ю.
Сан ц1е ю АнетаАдамсолтаевна.

— Таханавайхаза а, нийса а элп ч1 яздийрду. Цкъахьалхадоккхаэлп Ч1
яздийрдувай. Ас х1инца уьн т1ехь гойтушуна.

— Х1инца жима элп ч1 яздервай.
— Ч1 элпюкъахь долу дешнашалал. (ч1ара, ч1аба, мукъ, къорза).
— Ч1 мукъаду, я мукъазаду? (мукъазаду).
-Предложени х1оттае ч1ара дошюкъахьдолуш. (Мусас хи чуьра ч1ара баьккхира).

— Бераш, вайнтаханалера тема ю «Дешт1аьхьенаш», вайдуьйцар дет1ьахьенаш х1ун ю, уьшдешнашца муха язйо.

(Доска т1ехь) «Мичхьаду т1орказ?»
(Т1орказца, яьшкицаболх, предложенеш доска т1ехь д1а а язъеш).
— Хьовсал, бераш, мичхьаду т1орказ? (Т1орказ яьшки т1ехула ду).
— Х1инца, мичхьаду т1орказ? (Т1орказ яьшки т1ехь ду).
-Хьовсал, стенгахьду т1орказ? (Т1орказ яьшки к1ел ду).
— Х1инца мичахьду т1орказ? (Т1орказ яьшкичохьду).

-Хьовсал, бераш, доска т1е: кхупредложенешкахьмуьхарнашду х1уманаш билгалъендешнаш? (Т1орказ, яьшкибохуршду).
-Царел сов кхинмуьлхадешнашду х1окху предложенешкахь? (Уьшду т1ехула, т1ехь, к1ел, чохь).
— И дешнашпредложенешкахьстенналеладовай? (Дешнашнаюккъеуьйртосуш).
— Т1ехула, т1ехь, к1ел, чохьбохудешнашдоцуш ала мегардарий и предложенеш? (Мегардацара, х1унда аьлча, т1аккха уьшкхеташ а хиряцара я дешнийнвовшашцауьйрхиряцара).

-Бераш, чу, чуьра, т1е, т1ехь, т1ера, к1ел, к1елахь, чохь, уллохь, чухулабохучудешнехвай деш1ьахьенаш олу. Царех деш1ьахьенаш олу, ушьдешнашна т1аьхьа лелашхиларна. Тидам бел, бераш, уьшкоьртачудекъана, х1уманаш билгалъечудешнашна т1аьхьа лела. Дешт1аьхье къаьстинаязйо, х1унда аьлча, изашакъаьстинадошду.
Т1ехула, т1ехь, к1ел, чохьбохучудешнашаметтиггойту. Кхузахь деш1ьахье йоцуш ала мегардацара: Т1орказ яьшкиду. Цуьнан маь1на нийсахирдац.
-Схьаеллал аг1о 101, д1аеша бакъо. (2-3 деш-чойоьшубакъо).

Дешнаш чу, чуьра, т1е, т1ехь, т1ера, к1ел, к1елахь, чохь, уллохь, чухула деш1ьахьенаш ю. Дешт1аьхьенаш кхечудешнехкъаьстинаязйо: масала: парти т1ехь, ц1а чохь.

— Хьовсал, партит1ехь изанийсахирдац, цунделавайнагоизакъаьстинаязъешхиларпарти т1ехь
— Муьлха деш1ьахьенаш евзишуна? (Тхунаевзи чу, чуьра, т1е, т1ехь, т1ера, к1ел, к1елахь, чохь, уллохь, чухула дешт1аьхьенаш).
Мухаязйанеза дешт1ьахьенаш дешнашца? (Къаьстинаязйанеза).

Шардар 306 Д1аеша предложенеш.
Т1ера схьаязде. Билгалдаьхначудешнашна к1ел сиз хьакха. Дийца, уьшкхечудешнехкъастийна х1унда яздина.

1.Тхан школа хина юххехь ю. 2. Радио чухулаэшаршлекхира.
3. Со радионауллохь вара. 4. Бераша класса чуьра лампа латийра.

Д1аеша. Стенах лаьцна ю х1ара текст? (берашхьуьнахдахархлаьцна ю).
Хаза де дара. Берашхьуьнахдахара. Царнадуккха а ораматашгира. Уьш сада1а охьахевшира. Султан юьхка т1е хиира. Раисий, Тамарийдитта к1ел сецира. Царнадитташ т1ехь декашолхазаршхезира. Хаза дара хьуьнхахь!
Шардар 308 Суьрташкахьовса. Суьртийн рог1аллехь т1ера схьаязъепредложенеш.

Лампа стоьла т1ехула кхозу.
Книжканашстоьла т1ехь 1охку.
Цицигстоьла к1елахь ду.
Книжканашстоьлан г1утакха чохь ю.
Дешт1аьхьенашна к1ел сиз хьакха.

(Барта)
— Схьалахашардар 309, 103 аг1он т1ехь. Т1адамийн меттаоьшу дешт1аьхьенаш х1иттае.
— Х1окху предложенешкахь дешт1аьхье муьлха ю? (чуьра, чохь, чу).
— Дешт1аьхьенаш дешнашца муха язйо? (къаьстина).

— Вай х1ун 1амийра таханаурокехь? (дешт1аьхьенаш муьлханиш ю 1амийра).
— Дет1аьхьенаш дешнашца муха язйо? (къаьстинаязйо).
— Муха предложенеш х1иттийра вайурокехь? (дешт1аьхьенаш юкъахьйолуш).

Ц1ахь яздан 310 шардар. Дешт1аьхьенашна к1ел сиз хьакха. Билгалдаьхначудешнашцапредложенеш х1иттае шайн дай-нанойшкаг1о а дойтуш.

Источник

Конспект урока по чеченскому языку на тему «Элпаш Ц1,ц1 яздар», (1-ра класс).

специалист в области арт-терапии

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ц1 , Ц1 . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

Комуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х 1 етал — метал хаийла хьуна :

Х 1 ун ю дуьнен т 1 ехь барам а , мах а хаа а ,

терзан т 1 ехь оза а йиш йоцург ? (Ц1а).

Ц 1 ий молу — дахар ло ?(Ц1убдар).

Кхо ваша ву : цхьаъ мел йии ца вузуш ,

важа — мел мели хих ца 1 ебаш , кхоалг 1 а —

мел волавелла леларх к 1 орда ца деш ?(Ц1е , латта , хи)

(Хьехархочо берашна г1о дан мега , суьрташ а гойтуш).

-Х1ун ю уьш? (Ц1убдар, ц1е, ц1а).

-Х1ун ду церан юкъара? (Юххьехь ду аз (Ц1).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Ц1) йозанехь?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ц1, Ц1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 довзийтар , яздар.

Йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 довзийтар.

— Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? ( ц1 , Ц1 ).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп ц1 , доккха элп Ц1.

-Хьанна девза йозанан жима элп ц1 ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Ц1 ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Ц1 яздеш? (Шина).

-Элп ( К1) цхьалха ду , я шалха ду? (Шалха).

-Хьан делира дика жоьпаш?

Котаман кюрнеша юург муха йоьху ? (« Ц 1 ип — ц 1 ип — ц 1 ип »)

-Муьлха аз хеза ? ( Ц1 ).

-Аз ( Ц1 ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп ц1 . Уьн т1ехь а гойту элп ц1 муха яздан деза).

ц1 ц1 ц1 ц1 ц1 ц1 ц1 ц1 ц1 ц1 ц1

-Д1аязде и элпаш .Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Дешдакъошкахь йозанан жима элп ц1 яздар.

(Уьн т1е д1аяздо дешдакъош )

ц1а ц1о ц1у ц1и ц1е

-Хьан карор дара дешдакъа ц1А хьалхахь долуш дош? (Ц1АСТА).

-Хьан карор дара дешдакъа Ц1О хьалхахь долуш дош?(Ц1ОВ).

-Хьан карор дара дешдакъа Ц1У хьалхахь долуш дош?(Ц1УЗАМ).

-Хьан карор дара дешдакъа Ц1Е хьалхахь долуш дош? (Ц1ЕНОШ).

-Дика кхочуш ди аша и т1едиллар. Д1аязде и дешдакъош.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Ц1азам дешан схема х1оттор.

Бераш , аса уьн т1е д1аяздинера мерза дош. Иза кагделла. Хьанна хуур дара и хотта?

-Муьлха дош ду иза? (Ц1азам).

-Маса дешдакъа ду Ц1АЗАМ дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Ц1).

-Аз (Ц1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (З).

-Аз (З) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз ? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз ? (М).

-Аз (М) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

-Х1отта е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Бераш тобанашка доькъу . Xlopa тобано ша билгалдечу олхазарх я дийнатах аз тардеш моттарг 1 анаш йо . Масала :

1. Пезаш (« Къа — къа — къа »).

2. Кхокхий (« Гуль — гуль — гуль »).

3. Борг 1 алш («1 уь -1 а — ре -1 у »)

4. Ж 1 аьлеш (« Г 1 ав — г 1 ав — г 1 ав ».)

Хьехархочо ша т 1 ех мел йолучу тобанна хьалхарчу парта т 1 екуьг тухуш , хотту : « Мила ву х 1 окху ц 1 аьлга чохь 1 аш ?

Юха олу цо : « Г1езаш , хьалаг 1 овттал ! Легнаш дахдай , кхузза д 1 асахьов-задел кортош . ( Г1езаш хьалаг 1 овтту ).

« Кхокхарчий , ластадел шайн т 1 емаш !»

« Борг 1 алш , хаьн т 1 е т 1 емаш а детташ , кортош хьала а дахий —

тий , кхайкхал ».« Ж 1 аьлеш , голаш т 1 е охьа а лахлой , ши ког хьалхабаккха , юха т 1 ехьабаккха ».

6. Йозанан жима элп ц1 дешнашкахь , дешдакъошкахь яздар.

Дешнашкахь йозанан жима элп ц1 яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

К1ади , ц1оз, ц1ог1а, ц1ано , ц1узам.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта Ц1АНО дош? Ц1УЗАМ?

-Д1аязде и дешнаш дешдакъошка а доькъуш.

Яха, яьшка , Юсуп , юьхь, даьтта, гуьйре.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Муьлха элп девзи вайна? (Ц1).

-Ц1 элпо муьлха аз билгалдо? (Ц1).

-Аз (Ц1) мукъа ду я мукъаза ду?

Муьлхачу дешнашкахь юьххьехь хеза и аз? Юккъехь ? Чаккхенгахь?

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен болх дика кхочуш?

-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ц1 , Ц 1. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Ловзар : «Дог1у дош ала».

-Аса д1айоьшур ю йоца байташ , аша оьшу дош т1етоха.

-Х1ун ю уьш? (Ц1азамаш , ц1ий).

-Х1ун ду церан юкъара? (Юьххьехь хеза аз (Ц1).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ц1, Ц1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ц1 , Ц1 яздар.

Йозанан жима элпаш ц1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1е д1аязбина хила беза мог1анаш).

Йозанан доккха элпаш Ц1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза йозанан доккха элп Ц1).

Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1 Ц1

-Д1аязде элп Ц1 тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Йозанан доккха элп Ц1 дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан доккха элп Ц1 дешдакъошкахь муха хотта деза).

Ц1а Ц1о Ц1у Ц1и Ц1е

-Д1адеша и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешнашкахь йозанан жима а , доккха а элпаш ц1, Ц1 яздар.

Ц1аста , ц1ена ,ц1ов, ц1енош.

-Маса дешдакъа ду Ц1АСТА дашехь? (Шиъ ду). Ц1ЕНА ? Ц1ОВ? Ц1ЕНОШ?

-Муьлха дош ду совнаха?(Ц1ов).

-Х1унда ду и дош совнаха? (Иза цхьана дешдекъах лаьтта , дисина дешнаш шина дешдекъах лаьтта).

-Д1аязде и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Ц1ОМ дешан схема х1оттор.

Акхаройн паччахь ду со .

Лаахь хила соьца бертахь ,

Дог мел деа эрна арахь

Ца йоггу топ ахь ма кхийса .

Пийлан оьшу меже хир сох .(Лом, ц1ом).

Чохь 1ен х 1 усам хир ю сох.(К1а, ц1а).

-Х1ун ю уьш? (Лом-ц1ом, к1а-ц1а).

-Схема х1отта е Ц1ОМ дешан.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Уьн т1е д1аязйо предложенеш.

-Д1аеша предложенеш. Муха къастайо предложенеш йозанехь вовшех? Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош? (Доккхачу).

-Чакхъяккха сан ойла:

Ц1а , ц1азам, ц1ом дешнашкахь хеза аз ….(Ц1).

-Аз (Ц1) ца лакхало , цундела иза ду …(мукъаза).

-Аз (Ц1) йозанехь билгалдо жима , доккха а элпашца..( ц1 , Ц1).

Источник

Читайте также:  Сумка для цифрового пианино yamaha
Оцените статью